Нохчийн халкъ махках даккхарх лаьцна
21.02.2023Чиллин беттан ткъе цхьолг1ачу дийнахь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Тимаров О. К. 7-чу классашкара дешархошца.
Чиллин беттан ткъе цхьолг1ачу дийнахь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Тимаров О. К. 7-чу классашкара дешархошца цхьаьнакхетар д1адаьхьира, нохчийн халкъ махках даккхарх лаьцна видеофильм гайтарца. Цхьаьнакхетаран 1алашо яра вайн къоман истори йовзийтар, чиллин беттан 23 февраль «цкъа а дицлур доцу де», аьлла ц1е тиларан бахьана довзийтар.
Г1иллакхо, оьздангалло, къинхетамо, барто «нохчий» боху ц1е ларьян г1о дира нохчий къомана. Ц1а доьрзур хиларх дог тешаро лардира вайн нохчийн къам.